«Беза, бовза ненан мотт»
20.02.2026Тахана, чиллин беттан ткъолг1ачу дийнахь, вайн республикехь д1ахьош йу «Беза, бовза ненан мотт» цIе йолу регионан этнографин диктант. Оцу масштабни дешаран акцехь дакъалоцуш йолчарех цхьаъ йу Хьидин- К1отарара йуккъера йолу ишкол.
Кхузахь, вайн Нохчийн Республикера кхин дуккха а ишколашкахь санна, ненан мотт шайн дегнашна гергара болу хьехархой, белхалой, дешархой шайн хаарш талла а, вайн къоман исбаьхьа культура дика йовза а аьтто баьлла х1ара регионан этнографин диктант йазйар бахьана долуш.